Этнографический диктант
26.02.2025Чиллин беттан 25-чу дийнахь Итон - Кхаьллан к1оштан Гут1арчу йуккъерчу ишколехь д1абаьхьира «Нохчийн меттан говзанча» ц1е йолу къовсам. Къовсамехь дакъалоцуш бара к1оштан ишколашкара 8-11 классера дешархой. Верриге а декъашхо 4 вара 9-чу классера. Къовсам вовшахтоьхна дешархойн нохчийн матте безам кхио а, царна йукъахь нохчийн мотт дика хуушберш билгалбаха а, Нохчийн меттан денна кечамна а. К1оштан къовсаман декъашхошна т1едиллар билгалдира: Тема а, нохчийн маттахь шовзткъа дош а. И шовзткъа дош йукъа а лоцуш, билгалйинчу темина эссе йазйан йезара дешархоша. Къовсам вовшахтухуш а, д1ахьош а дакъа лоцуш йара Итон-Кхаьллан к1оштан Гут1арчу йуккъерчу ишколан хьехархо Мурадова А.М.